ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан 15 инарла даржах вохийна Путина


Оьрсийчоьнан президентан омраца ницкъаллийн структурашкара 15 инарла мукъаваьккхина, хаамбо "Керланаш" агенталло. Даржаш охьадехкина Томскан, Мурманскан, Сахалинскан кIошташкарчу орцан министраллийн урхалхоша.

Цул совнах хийцамаш бина Путина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллийн системехь а. Брянскан, Ульяновскан кIоштийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраш дIабаьхна. Нижегородскан, Кемеровон кIоштийн чоьхьарчу гIуллакхийн министрийн гIовсаш даржера бохийна.

Ишта дарж охьадиллина Кемероверчу Талламан комитетан куьйгалхочо а.

Коми Республикан а, Волгоградан а, Омскан кIошташкара таIзарш кхочушдаран системан федералан урхаллан (ФСИН) куьйгалхой хийцина президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG