Шена лоьраш тIекхачийтар дехна Словакино Оьрсийчоьне схьавеллачу 39 шо долчу Яндиев Аслана прокуроре. Цуьнан адвокато Сабинин Андрейс бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.
Жимчохь дуьйнна зорхаца бала хьоьгу Яндиев лоьрех чекхваккха хьажийна талламхойн изоляторчуьрчу лоьро. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Талламан комиетето зуламан гIуллакх долийна Яндиевна дуьхьал.
Маршо Радионо яздира, байначу баттахь Словакин Iедалша ворхI шарахь шайн лаьтта тIехь ваьхначу Яндиевна Оьрсийчу экстрадици ярх. Иза бехкево бакъо йоцуш герз лелорна а, талораш лелорна а, нах байа кIелонаш кечъярна а.
Лецначун гергарчара а, бакъонашларъярхоша а дIахьедарехь, хьалхо цуьнан накъосташна тIехь Iазап а латтийна, тоьшалаш дайтина Яндиевна дуьхьал.