ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIелатар динчу кхиазхойн гергара нах махках бохуш бу


"Настоящее время" хьостано хаамбарца, Шела кIоштан културан цIийнехь гулам вовшахтухуш бу, нохчийн полисхошна тIелатар дина кхиазхой емалбеш.ТIелатарехь хиллачу кIентан дас Шела гIалин мэран гIовс лаьттинчу Мусаев Рамзана хIинцале а неIалт кхайкхийна, вийначу шен воIан докъанна тIе а хIоьттина.

"НеIалт хуьлда кхунна а, зуламан новкъа мел ваьллачунна а, бераш галдохучарна а. Сийначу цIарах богийла уьш! Дега, нене ла а ца доьгIна, тахана со а, сан доьзал юьхьIаьржа хIоттийна кхо. Суна ца оьшу ишта кIант!", - аьлла дас.

ТIелатар вовшахтоьхнарг лоруш ву 18 шо долу Мусаев Мохьмад. Полисхойн тергонехь вара иза 2016-чу шарахь дуьйна. ХIеттахь мэран гIовсан декхарш кхочушде кIентан да балхара вохийра.

Жимчу стеган компьютерчохь информаци карийна теракт кечдеш хиларан. Зорбанашкахь яздарехь, кху беттан 24-чохь тIелеттачу кегийрхойн гергарчарна махкара арадовла аьлла, тIедожийна Iедалхоша.

Маршо Радино хаамбира, 20-чохь Нохчийчохь кхо тIелатар дина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG