ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салахьан нанна кхерамаш туьйсу Мисаран футболан федерацехь


Мисарарчу футболан федерацин директорийн кхеташонан декъашхочо Латиф Халида кхерамаш тийсина "Ливерпулан" ловзархочун Салахь Мухьаммадан нанна, яздо Al Jazeera News хьостано. Мисаран футболан куьйгалла компетенте дац аьллера Салахьа дуьненан футболан чемпионат йирзинчул тIаьхьа. Цунна жоп луш, хьо дозанал а арахьа вехачу юкъанна хьан нана Мисарахь юьсуш ма ю аьллера Латифа.

"Хьо кхечу пачхьалкхехь вехаш ву, хьайна луъург дан аьтто а болуш, ткъа хьан нана кхузахь яха юьсуш ю. Хуучарна хаьа хьуна ас хIун боху", - яздинера Твиттерехь Латифа.

Фейсбукерчу шен агIон тIехь ши видео зорбане яьккхинера Салахьа, Мисаран футболан федерацина бехк буьллуш. Салахьна хетарехь, ледара кечамбина хилла цара чемпионатна.

Нохчийчохь шайга куп тохийта бина сацам а критике баьккхинера Салахьа. Иштта цо бахарехь, база йиллина латтош, чуоьхучу наха новкъарлонаш лелош, садаIа а ца буьтура уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG