ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно туркойн Iедалшкара схьайоьхур ю даIишхошца хилла нохчийн зуда


Оьрсийчоьнан Инарла прокуратура кийча ю Туркойчоьне мигрантийн урхаллан куьйгаллехь лаьттинчу Дудуркаев Асун йоI Седа схьаеха. Прокуратуран хаамашна тIе а тевжаш, "Керланаш" агенталло бо и хаам. Официалехь Дудуркаева Седа дIалацарх хаам гучубаьллачул тIаьхьа, иза схьайоьхуш кехат кхачор ду Туркойчу аьлла прокуратурехь.

Иштта урхалло тIечIагIдо, Дудуркаева Седа даIишхойн тобанехь латттина хилар а. "Интерполехула дуьненаюкъарчу лехамашка елла Дудуркаева, иза лаца а, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло а Iалашонца", - аьлла Инарла прокуратурерчу хаамийн гIирсашца зIенаш латточу хьукматан куьйгалхочо Куренной Александра.

Карладоккху, карарчу беттан юьххьехь Истанбулерчу оьрсийн консулалло туркойн Iедалшка дехар дира, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь дакъалаьцна ю аьлла, лаьцначу шайн яхархочух хаамаш кхачабе шайга аьлла.

2013-чу шеран гурахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана балхара дIаваьккхира мигрантийн хьукматан (УФМС) хьаькам Дудуркаев Асу, цуьнан йоI Дудуркаева Седа Шема дIаяхначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG