ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн пенси боьлху хан лахйина Путина


Кхааридийнахь телевизионехь пенсин реформех вистхилла Оьрсийчоьнан президент. Цо бахарехь, зударий пенси баха беза 60 шо кхаьчначул тIаьхьа. Ткъа хьалхо йийцареян кховдийначу низаман проектехь 63 шо дуьзча аьлла дара. Божарийн пенси боьлху хан 65 шо кхаьчча магош ю.

Тахана долчу низамашца, зударийн болх бан йиш ю 55 шо дуззалц, ткъа божарий 60 шо кхаьчначул тIаьхьа боьлхура пенси.

Иштта Путина дийцаредар хьехна, доьзалехь дукха бераш долу зударий пенсе хан кхачале бохуьйту агIонаш. Пенси воьду хан кхачале балхара нах дIабаьхначарна тIе жоьпалла дожор юкъадаккхар хьахийна президенто.

2000-чу шерашкахь дуьхьал вара ша аьлла, билгалдаьккхина Путина, пенсин системехь хийцамаш бан. ХIетахь экономика денъяланза яра, белхазалла лакхара йолуш, инфляци лахара йолуш пачхьалкх яра аьлла цо.

Ткъа хIинца пенсин реформа дIатетта аьтто боцуш яра, хIунда аьлча, масех шо дIадалахь пенсхойн фондехь ахча кхочуш хир дац пенсийн индексаци ян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG