Еаридийнахь 60 шо кхочур дара бакъонашларъярхочун, журналистан Политковская Аннин.
2006-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москохь йийра иза. Журналист ехачу хIусаманна хьалха мосуьйттоза тапча тоьхнера цунна зуламхоша.
Политковская юьйш ша дакъалаьцна хилар даре динарг ву милцо болх беш хилла Павлюченков Дмитрий. 2012-чу шарахь 11 шо хан туьйхира цунна.
Кхин а пхи стаг: вежарий Рустам, Жабраил, ИбрахIим МахмудовгIар а, церан гергара стаг Гайтукаев Лом-Iела а, милцо хилла Хаджикурбанов Сергей а журналист ерна бехке вира бехкъасторхоша 2014-чу шарахь. ХIинца а къастаза дуьсу, цунна герз тоха аьлла, омра делларг мила ву.
Нохчийчохь болх беш Iедалшкара харцо ловш болчу нахана гIо дина яра Политковская Анна.