ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIаран доттагI Iамеркара аравоккхуш ву


Бостонехь эккхийтар динчул тIаьхьа. ТIехьа кIайн бейсболка коьртахь ерг Царнаев ЖовхIар ву, 2013ш
Бостонехь эккхийтар динчул тIаьхьа. ТIехьа кIайн бейсболка коьртахь ерг Царнаев ЖовхIар ву, 2013ш

2013-чу ушарахь Бостонехь марафонехь эккхийтар дина, Царнаев ЖовхIарца цхьана дешна хилла цуьнан доттагI Кадырбаев Диас набахтера ара а ваьккхина, Iамеркара Казахстане дIавахийта кечвеш ву аьлла, хааме даьккхина Fox News хьостано. Бостонехь теракт дина аьлла, бехкевинера хIинца 24 шо долу Кадырбаев.

ФБР-о вежарий ЦарнаевгIар Тамерлан а, ЖовхIар а лехамашка веллачул тIаьхьа, цаьрца зIенехь хилла Кадырбаев, амма полицига хаамбина ца хиллера. Царнаевн дехарца Кадырбаевс а, цуьнан накъосто а оьккхуьйтург а, компьютер а чохь йолу тIоьрмиг хIусамчуьра ара баьккхина, дIакхоьсина хиллера.

2013-чу шеран бIаьста 3 стаг а вуьйш, 282 лаза а веш, Бостон-гΙалахь марафон йоьдуш ши эккхийтар дарна бехке вира, хΙеттехь лоцуш полицино вийна Царнаев Тамерлан а, тΙаьхьо лаьцна Царнаев ДжовхΙар а.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатин бехккъасторхоша Царнаев ЖовхIар вен кхачор шен сацамца тIечIагIдира 2015-чу шарахь.

Адвокаташа боккхах бехк лоцуш вийначу воккхахчу вешина Тамерланна тIе а биллина, ЖовхIар вен кхачорах хьалхаваккха а гIиртира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG