ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ООН-о сагатдо тутмакхна Сенцовна


Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, чохь латточу Украинан режиссеран Сенцов Олеган могушаллина сагатдо ООН-ан Инарла секретаро Гутерриш Антониуса, хаамбо ООН-ан официалан векало Дюжаррик Стефана. 108 де ду тутмакхо мацаллин протест кхайкхийна. Ши кIира хьалха ООН-ан эксперташа кхайкхамбира Оьрсийчоьне, катоьхна иза маьршаваккхар тIедожош.

Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна украинхойн режиссерна Сенцов Олегна. Бехкаш тIе ца лоцу Сенцовс.

Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйнна оьрсийн набахтешкара Украинан политикан тутмакхаш дIахецар тIе а дожош, мацалла кхайкхийна режиссеро. Сенцовн могушалла оьшуш хиларх дIахьедо цуьнан гергарчара а, адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а.

ТIаьххьарчу беттанашкахь дуьненаюкъарчу културерчу наха а цхьана маьршаваккхар дийхира Сенцов.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG