ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Reuters: Асадан эскарш Идлибна тIелата кечлуш ду


Къилбаседа Малхбузерчу Шеман Идлиб провинци схьаяккха тIелатаршна кечамаш беш ду президентан Асад Башаран эскарш. Reuters агенталло дIахьедина цунах лаьцна, шайн хьостех пайда а оьцуш. Маца тIелата дагахь бу, къастаза ду. Дуьненаюкъарчу хIордан йистошкахь Асадан коьртачу бартхочо - Оьрсийчоьно шен тIеман кеманийн тобанаш чIагIйина аьлла, даьржира кху кIиран юьххьехь.

Reuters агенталло хаамбарехь, карарчу заманчохь Идлибна шен тIелатарх Туркойчоьнца дийцаредеш ю Оьрсийчоь. Оцу првинцерчу тобанийн цхьана декъехьа ю Хонкара.

Иштта дийцаршкахь дакъалоцуш ю, Асадан агIонча - ГIажарийчоь а. Шеман Iедална дуьхьал болчу ницкъаша шайн карахь латтош ю Идлиб. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс де хьалха элира, Идлиб "террорхойн тIаьххьара, уггар а боккхачех кхерч бу", иза, цо ма – аллара, "ноткъа йина меттиг а бу", и хIаллакбан а беза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG