ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь къайлах беха нах арабаьхна пурстоьпаша


Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша Узбекистанера баьхкина, къайлахчу хьолехь бехаш хилла нах лецна Шелковск кIоштахь рейдаш дIахьочу юкъанна. Карахь цхьана а кепара кехат доцуш, низам дохийна вехаш хилла Нохчийчохь пхи узбекхо.

Административан бакъо йохорна уьш бехке а бина, 2 эзар сом гIуда а хьарчийна, Москох доьдучу кеман тIехь "Внуково" аэропорте кхачийна уьш, цигара дIа шайн даймахка дIабахийтина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG