ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешархошна тIехь терго латто еза аьлла Кадыровс


Дешархошна тIехь Iуналла латто деза аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна саготта бу махкахой, яздо "Кавказан узел" агенталло. Полисхошна кхиазхоша тIелатар динчул тIаьхьа, хьаькамашна омра делла цо, дешархойн а, студентийн а хьежамех информаци гулъе аьлла.

Массо а декъахь берашна а, кегийрхошна а тIаьхьабевлла лелар лору бахархоша юкъадаккха леринарг. Нохчийчохь полисхошна цхьа могIа тIелатарш динчул тIаьхьа, кху беттан 22-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIакхайкхийра, "берех даьллачух жоьпалла дена а, нанна а тIехь ду" аьлла.

"Дешаран шо ду долалуш, массо а бер школехь хир ду. Аьхка цIера бевлларш а, ишта кхи дIа а. Цара хIун леладо, муха бу церан хьежамаш, дог-ойланаш – и дерриге а вайна хаа дезаш ду. Дозанал а арахьа бехачарна, церан гергарчарна тIехь а терго латто еза. Дайша-наноша Iуналла дан деза шайн доьзалийн", - аьлла Кадыровс "Грозный" телеканалан эфирехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG