ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохкуш конкурс юкъахъяьккхина


Вилдерс Герт
Вилдерс Герт

Шена кхерамаш тийсинчул тIахьа хьалхо ша кхайкхийна хилла Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохкуш конкурс юхаяьккхина Нидерландийн парламентан депутато Вилдерс Герта. "ЦIий Iанорца, фетвашца, тIехь ницкъбарца кхерамаш а туьйсуш, юха а Исламо шен юьхь гайти. Делахь а, сайн махкахойн кхерамзалла суна хьалхарчу меттигехь ю", - аьлла, яздина Вилдерса Твиттерехь.

Лахьан-баттахь дIаяхьа кхайкхийнера маршонан Партин офисехь Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохку конкурс. Тоьллачунна дала дIахьединера 10 эзар доллар. Нидерландийн Iедалхой а дуьхьал бацара конкурс дIаяхьа, дешан маьршо лелаш ю аьлла.

Пакистанехь протесташ йолийра, конкурс дIаяккха я Нидерландийн Карачера векал пачхьалкхера араваккха бохуш.

Фейсбукан агIонехь Вилдерсна кхерамаш тийсина пакистанхо дIалецира Гаагехь шинаридийнахь. Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министраллан векалш ца боьлхуш севцира Пакистане.

Исламан динна дуьхьал ден дIахьедарш бахьана долуш, Вилдерсна кест-кеста кхерамаш туьйсу. Стохка харжамийн кампани йоьдучу муьрехь дIахьедар дира цо, нагахь ша премьер-министран дарже кхачахь, бусулба мухIажиршна дозанаш доьхкур ду, КъурIан дохкуьйтур дац, маьждигаш дIакъовлур ду ша аьлла.

Нидерландашкахь бехачарлахь бусулбанаш 5 процент бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG