Ара-чу ца баккхалун бахам бухкучу Domofond.ru порталан аналитикаша къастийна уггар а тапъяьлла тийна йолу 150 гIала. Рейтинган хьалхарчу могIарехь Ставрополан кIоштара Невинномысск ю, шолгIа къастийна Калуган кIоштара Обнинск, кхолгIа позици дIалаьцна Соьлжа-ГIалано.
Пачхьалкхехь уггар а гIовгIанечу гIаланашлахь ю Серпухов а, Клин а гIаланаш.
Стохка Iай Iер-вахаран аьттонаш болчу гIаланийн цIераш Iораехира. ХIетахь шолгIачу меттигехь билгалъяьккхира Соьлжа-ГIала.