ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омскерчу набахтехь къизаллаш лелор толлуш ду


Омскерчу колонехь шена тIехь къизаллаш лелорах Бисултанов Малхос дина арз толлуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан адвокато Гончарова Верас.

"Сан искца къизаллаш лелорна бехкзуламан гIуллакх ца доьллуш бина сацам юхабаьккхира. ХIинца юха а оцу гIуллакхна гонах талламаш болийна", - аьлла Гончаровас.

ТаIзарш кхочушдаран системан кхечу декъе дехьаваьккхина Бисултанов цунна тIехь ницкьбинчу набахтера аьлла, билгалдаьккхина адвокато.

Иштта цо бахарехь, кху деношкахь дарбан цIийне охьавилла везаш вара Бисултанов, амма таханалерачу дийнахь кхи информаци яц шегахь аьлла Гончаровас.

Бисултанов Малхо Украинехь вехаш вара, оцу пачхьалкхан вахархо санна. 2011-чу шарахь Нохчийчу хьажа-хIотта веача, дIалецира иза, наркотикаш яржоран хьокъехь толлучу гIуллакхан теш санна, тIаьхьо оцу зуламна бехкевина, чохь витира иза.

2020-чу шарахь чекхйолу Бисултановна тоьхна хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG