ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардехь керла хьаькам хIоттийна


Кадыров Рамзан а, цуьнан йишин кIант, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрехIим а
Кадыров Рамзан а, цуьнан йишин кIант, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрехIим а

Нохчийчуьрчу Росгвардин полицех йоцчу ха дечу урхаллан куьйгалле хIоттийна мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан юьртахо, 46 що долу полицин полковник Эдилов Рамзан.

Нохчийчохь дIахIоьттина даьлла даржашка Кадыровн гергара я цуьнан уллорчу гонера нах хIиттор. Масала, кху беттан 20-чохь Кадыровн юьртахо, 34 шо долу Алханов Артур Устрада гIаларчу полисхойн декъан хьаькам дIахIоттийра. Ткъа яхначу гурахь Соьлжа-ГIаларчу полицин декъан куьйгаллехь Кадыров Хас-Мохьмад чIагIвира.

Некъан полицин урхаллан дарже ваьккхира 28 шо долу Кадыров Рамзанан йишин кIант Черхигов Идрис. Шахьаран мэр ву Кадыровн йишин кIант Закриев ИбрехIим. Куьршларчу администрацин куьйгалхочун гIентахь ву Кадыровн вешин кIант Кадыров Хьамзат.

Оьрсийн "Би-би-си" хьостан зерашца, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь волчу 158 стагах 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % цуьнан юьртахой, 12 процент доттагIий а, церан гергара нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG