ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бакъонаш хьешарх Оьрсийчоьне жоп дехна ОБСЕ-н 15 пачхьалкхо


Нохчийчохь бакъонаш ларъеш ца хиларан хьал нисдан Оьрсийчоьнна я ца лаьа, я гунахь яц иза и проблема ерзо аьлла, дIахьедина ОБСЕ-н 15 пачхьалкхо, гергарчу иттех деношкахь шаьш динчу гIуллакхех хаийтар тIе а дожош.

Къилбаседа Кавказехь нах идор, царна тIехь къизаллаш лелор талларехь Iитталучу проблемех Оьрсийчоьне дIахаийтира ООН-о. ОБСЕ-н 15 пачхьалкхан цIарах хIоттийначу кехат тIехь шаьш саготта хилар дIахаитийна, Нохчийчохь гейш бу аьлла, шеконашца дIалоьцуш, Iазапаш латтош, бойуш хиларна.

"И харцонаш Iорайохучу меттигерчу журналисташна, бакъонашларъярхошна меттигерчу Iедалхоша кхерамаш туьйсу, царна репрессеш йо", - яздо ОБСЕ-чу Iамеркан миссин сайтехь еаридийнахь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн, Канадан, Великобританин, Ирландин, Францин, Норвегин, Исландин, Германин, Нидерландийн, Данин, Финляндин, Швецин, Эстонин, Латвин, Литван цIарах ду кехат.

Оьрсийчоьнан Iедалшна 4 хаттар дитина: ОБСЕ-н ша декъахо хиларе терра, Нохчйчоьно шен декхарш кхочушдарна тIехь хIун терго латтийна Оьрсийчоьно; ЛГБТ-н векалийн бакъонаш хьешар муха теллина оьрсийн Iедалша, цу тайпа нах цигахь бац аьлла, сацам мича бух тIехь бина; зорбанашка а, бакъонашларъярхошка а, доккхачу декъанна, "Мемориале", маьршша болх байтархьама, хIун бахьанаш лелийна; Нохчийчохь кхел йоцуш 27 стаг вийна аьлла, яьржина информаци муха зийна.

Итт де хан елла Оьрсийчоьнан Iедалшна оцу хеттаршна йозанашкахь жоьпаш дала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG