ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДжабраиловгIеран ловзаро инзарбаьхна журналисташ


Кхечу пачхьалкхашкара хаамийн гIирсаш инзаръяьхна экс-сенаторан Джабраилов Iумаран вешин кIантана ялийна зуда дIаерзоро. Ливанан гоьваьллачу дизайнеро Мурад Зухайрас тегна 200 эзар долларшкахь мах болу коч йоьхна, доларчу кеман тIехь Москох схьадалийна нускал.

20 шо долчу Джабраилов Ахьмада ялийнарг 18 шо долу Заурбекова Хьава ю. Нохчийн пачхьалкхан университетан дешархо ю иза.

Британин Daily Mail хьостано хаамбарца, 500 гергга хьеший хилла цу ловзаргахь Москохарчу Safisa ресторанехь гулбелла. 3 миллион сом мах болуш хилла тойнехь хадийна торт.

Маршо Радионо яздира, Four Seasons отелехь герзаш диттина аьлла, Москохарчу полицино лаьцна Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан векал лаьттина, "Аванти" ассоциаци кхоьллина Джабраилов Iумар, аьлла. ГIуда а тоьхна, партин могIаршкара дIаваьккхира иза гIуллакх теллинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG