ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь даккхий мехаш хир ду аьлла


Къоранца догIанаш, мехаш хир ду Нохчийчохь аьлла, дIахьедина махкарчу орцан министралло. "Лаьмнашкахь токхамаш хила тарло, цхьайолчу меттигашкахь хи тIе дала кхерам бу. КIошташкахь йочано ток дIаяьккхина, халонаш тIехIитто а тарло", - аьлла орцан министраллехь "Кавказан узел" агенталле.

Оцу юкъанна Ноьвран, Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Грозненскан, Гуьмсан, Куьршалан, Шелковскан, Сунжан кIошташкахь цIераш йийла кхерам лаьтта кху деношкахь аьлла, хаам бу орцан министраллан сайт тIехь.

Ватс апп получу интернетан гIирсехула орцанхойн урхаллера хаамаш кхаьчна шайга, дийцина "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте Нохчийчуьрчу бахархоша, йочана хир ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG