ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДаIишхошка маре" филм ца тайна зорбан министрна


Зорбан министр Умаров Джамбулат
Зорбан министр Умаров Джамбулат

Оьрсийчоьнан НТВ каналехь гайтинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн зударех лаьцна яьккхинчу "ДаIишхошка маре" документалан филмех лаьцна вистхилла Нохчийчуьрчу зорбан министр Умаров Джамбулат кинон авторшка. Доккхачу декъанна, ца тайна министрна "исламхой", "джихIадхой", "исламан пачхьалкх" терминологеш оцу кино чохь лелорна. "Оцу дешнашца дуьненчуьрчу бусулбачийн дог-ойла сийсазйоккху аш", - дIахьедина Умаровс.

Инзаре харцо лерина зорбан министро оцу филмехь кеп-кепара гойтучу суьрташлахь, гоьваьллачу UFC-н латархочун Тайсумов Майрбекан сурт гайтар.

"Тайсумов Майрбек – оьрсийн, нохчийн спортан дозалла ду. Цхьана а агIор хьакхалуш вац иза я даIишхойх а, я церан зударех, я даIишан идеологех. Суна жоп оьшу: хIунда ву царлахь Тайсумов Майрбек? Мича бух тIехь цуьнан дахар кхерамна кIел хIоттош ду шу? Я ларамза хилла хIума ду иза, я хаа а хууш гойтуш ду аш цуьнан сурт? ДIа а ца тоьттуш, катоьхна жоьпаш оьшу суна цу хеттаршна", - аьлла, билгалдаьккхина Умаров Джамбулата.

Цул совнах, оцу филман экспертийн жамIаш довза а луур дара шена аьлла министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG