2004 - чу шеран Гезгамашин-беттан 3-чохь Бесланехь терактехь байинарш хIора шарахь а санна дагалоьцуш бу кхушара а. Йохийначу спортан хIусаман меттехь хIоттийначу мемориалан комплексе эзарнашкахь адамаш ду оьхуш. 9:15 яьлча бийкира 14 шо хьалха 186 берана тIаьххьара бекна горгали.
ХIолламна тIе зезегаш дахка баьхкира Iедалхой - политикан партийн, ницкъаллийн структурийн, юкъараллин орзанизацийн векалш, коьртехь мехкан куьйгалхо Битаров Вячеслав а волуш. Луларчу регионашкара делегацеш а яра тезетан барамехь дакъалоцуш.
2004-чу шарахь школана динчу тIелатарехь 334 стаг вийра. ТIемалоша закъалтехь латтийра кхаа дийнахь 1128 стаг.