ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 11 керла школа схьайиллина


Нохчийчохь 11 керла доьшийла схьайиллина кху деношкахь, хаамбо шен "ВКонтактерчу" агIонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо чIагIдарехь, уггар мехала ю царлахь коррекцин школа.
Республикехь 4-гIа ю и кIезиг таронаш йолчу берашна лерина йиллинчу доьшийлех.

Спортан майданаш, логопедан а, психологан а, лоьран а чоьнаш йолуш кечйина ю школа. Iедалхоша официалехь дIахьедарца, кху шарахь Нохчийчохь ерриг а болхбан йолаелларг 477 школа ю.

ТIаьхьарчу кхаа шерачохь 50 школа дIахIоттийна махкахь, болчу хаамашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG