ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан кеманаша тохарш дина Димашкъахь


Шоьтан буса Димашкъан гонашкахь лелхийтарш дина. Times of Israel хьостан хаамашца, Израилан кеманаша дина тохарш ду уьш. Шемарчу адамийн бакъонашкахула йолчу обсерваторин куьйгалхочо Iабул-Рахьмана дина дIахьедар зорбане даьккхина газетано.


Agence France-Presse гIирсе цо дийцина, тIеман гIирсаш латточу гIишлонна тIе кхетарх Израилан ракета. Хьалхо цара бомбанаш йиттина "Меззе" аэродром хилла церан Iалашо.

Ишта Ливанан, Шеман президентца уьйрашкахь долчу хаамийн "Аль-Мейден" хаамийн хьостано а хаамбо, Израило тIелатар дарх.

Шеман къайлахчу сервисашка "Новости" агенталлана тIечIагIдина, ракеташца тохарш дар, амма цIарца ца юьйцу тIелатар дина агIо.

SANA агенталле дийцарехь, "тоькан серий галдовларца" нисделла ду цхьа могIа лелхийтарш. Iамеркан пачхьалкхан департаментан векалш белхан хьокъехь Израиле бахначу юкъанна хилла ю и инцидент. Идлиб провинцина Шеман пачхьалкхан эскархоша дан кечдинчу тIелатарх дийца гулбеллера уьш Израилехь. ТIаьххьарчу шерашкахь Израило кест-кеста тIелатарш до Шеман тIеман гIишлошна. Амма официалехь тIе ца чIагIдо и бакъхилар.

XS
SM
MD
LG