ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшано схьавелла Байдуев къайлаваьккхина Нохчийчохь


Полшано байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Оьрсийоьне дIавелла Байдуев Азамат Нохчийчохь лачкъийна вигина. Фейсбукерчу шен агIон тIехь бо и хаам HumanRightsAnalysisCenter организацин куьйгалхочо Гисаев Ахьмада.

Шалаже Азаматан деваша вехачу хIусаме баьхкина хилла шоьтан буьйса юкъал тIехъяьллачу хенахь герзашца нах. ТIехь ницкъ а бина, стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, къайлаваьккхина цара Байдуев Азамат.

"Лаца баьхкинчу ницкъахоша цIена оьрсийн мотт бара буьйцург", -яздо Гисаевс. 2007-чу шарахь тховкIело еллера цунна Полшано, цул тIаьхьа Белги дехьаваьллера иза.

Стохка аьхка "теракташ кечдеш лелла хила тарло" аьлла, шеконашца дIалаьцнера иза, амма цунна тоьшаллаш доцушшехь, Белгино Полше дIавеллера иза, шенгенан пачхьалкхашка вахар а доьхкуш.

Варшавехь Iедалхошца къамел хиллачул тIаьхьа маьрша витинера иза, бехкаш а ца дохкуш. Делахь а 4 бутт хьалха цIеххьашха депортацин набахте хьажийра Байдуев Азамат.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Европе сехьавалале Оьрсийчохь лаьцначохь, Iазапаш лайна ву иза.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG