ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юкъараллин транспортца дӀасалеларан мехаш хьалабевлла Нохчийчохь


Юкъараллин автобусашца дIасалеларан мехаш хьалабевлла хиларна тIе тидам бахийтина Нохчийчуьрчу бахархоша. Цунах лаьцна хаам бо республикерчу "Чечня сегодня" хаамийн агенталло.

Иштта "маршрутан" олучу жимачу автобусна тIехь Соьлж-ГIалахь дIасавоьдург доккху 22 сом. Хьалха цуьнан мах бара 17 сом. Автобусашца гIалахь дIасалеларан мах бу 20 сом, хьалха хиллачу 15 соьман метта.

Нохчийчуьрчу транспортан а, зIенан а министро Черхигов Рамзана дийцарехь, мехаш хьалабахаран бахьана ду коча ягорг язъялар.

Маршо Радионо хьалхо хаам бинера Нохчийчохь язйелла хиларх лаьцна машенашна оьшу коча хьоле яьккхина газ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG