ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсе воьду хан тIетохарна духьал бу дукхаха болу Оьрсийчуьра бахархой


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Пенсе воьду хан тIетохарна дуьхьал акцешкахь дакъалаца кийча бу ах сов (53%) Оьрсийчуьра бахархой. Иштта жамI ду "Левада-центро" бинчу талламан. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но.

Товбецан-баттахь бинчу цу тайпачу талламо гайтира, цу реформана реза ца хиларна урамашка арабовла кийча болчу респондентийн терахь кхаа декъах цхьа дакъа а бен цахилар. Ткъа шаьш арадовлар шеконе диллинарш бара 53 процент талламехь дакъалаьцна нах.

"Левада-центран" социологаша иштта къастийна 77% наха пенсе воьду хан тIетохарна дуьхьал кхаж тоcур хилар, нагахь гергарчу кIирандийнахь цу хьокъехь махкахь референдум дIаяьхьча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG