ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркоша лаьцна чамди чохь жима зуда дозанал дехьаяккха гIоьртина гуьржи


Гайтаман сурт.

Туркойн а, гуьржийн а дозанехь "Сарп" олучу чекхволуьйтучу пунктехь Туркойчоьнан дозанхоша лаьцна вуно йоккхачу чамдаца новкъаваьлла 24 шо долу Гуьржийчоьнан махкахо. Цуьнан лелар шеко кхуллуш а хетта, дозанхоша дехар дина цу жимачу стаге, чамда чхьаелла аьлла. Цу чохь хилла 27 шо долу Узбекистанера жима зуда.

Полицин декъехь гучудаьлла цу йоIанна дихкина хилар 5 шарахь Туркойчу яр. И бахьана долуш цу кепара дIакхача гIоьртина иза туркойн махка. Жима стаг а, зуда а лаьцна. Цу шинна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG