ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хийцина иттанаш лецна нах хьийзийна полицин декъан куьйгалхо


Устрада-гIала.

Нохчийчохь 40 сов стаг лаьцна хилла Устрада-гIалахь дIабаханчу баттахь, яздо Кавказ.Реалиино. Карарчу хенахь уьш берш дIахецна бу.

Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, и нах лецна хилла, меттигерчу полицин декъан хьаькима Катаев Аюба омар а делла. И стаг цу даржера дIаваьккхина.

Устрада-гIалахь лецна хиллачу нахана ницкъ бина, бакъонца йоцучу герзхойн тобанийн декъашхой хилар даре де бохуш. Цул сов иттаннаш нах чохь бахкош хилла масийтта стаг а бен чутарлуш воцучу камерина.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, хилларг бахьана долуш Оьрсийчьурчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчьрчу урхаллан куьйгалло даржах вохийна Катаев. Цуьнан метта хIоттийна полицин подполковник Алханов Артур. Иза ву чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан кIант.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG