Веданарчу 90 сов вахархочо кехат яздина Оьрсийоьнан президенте Путин Владимире, шайн юьртахочуьнан Хасаев Мовсаран бакъонаш ляръян накъосталла доьхуш, яздо "Кавказский узело". И жима стаг бехке веш ву Екатеринбургерчу талламхоша, цу гIалара вахархо верна.
Кехатан авторша чIагIдарехь, Хасаев цкъа а хилла вац цу гIалахь. Стаг а вуьйш, цигахь зулам деш иза цIахь а хилла, лоьхучу стагах тера а вац иза, бохуш дIахьедарш до веданхоша а, Хасаевн адвокаташа а.
2011-чу шарахь Арутюнян Ашот верна бехке ву аьлла, Екатеринбурехь толлуш ду Нохчийчуьрчу вахархочунна Хасаев Мовсарна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. Хасаевн хьокъехь гIуллакх луьстучу юкъанна цуьнан адвокаташ духатоха йиш йоцу тоьшаллаш далийна, иза гунахь цахиларан, амма хIетте а иза бехкала хьарчо гIерташ материалаш вовшахъетта талламхоша.