ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа-Мартанан кIоштан суьдо набахте хьажийна талорхо


Нохчийчохь ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело хан тоьхна хьалха а набахтехь хиллачу меттигерчу вахархочунна Дениев СаьIидана, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. И стаг бехке лаьрра, герзаца кхерам а тесна, нахера бахам схьабаккха дагахь талор дарна.

Нохчийчуьрчу прокуратуран векалша бинчу хаамца, 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь Дениев нехан хIусамна чуваьлла хилла Серноводскехь. «Zoraki Lom-S» олучу спортехь лелочу тапчанца кхерам а тесна, ахча даккха гIоьртина иза хIусамдайшкара.

И зулам дарна Дениев колоне хьажийна луьрчу хьелшакахь 7 шо 2 бутт хан такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG