ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнах "къахка" кийча юй Украина?


Киевера баннер, 2018 шо
Киевера баннер, 2018 шо
Ивахненко Владимир

Массех шо ду, Оьрсийчоьно дуьненаюкъара низам дохор – ГIирмина аннекси яр, Донбассехь тIом гIаттор – Iеткъачу Украинерчу политикаша щайн Iедале Кремлца мел йолу юкъаметтиг дIахадор доьху. ХIинца церан и лаам кхочуш хуьлучу кхаьчначух тера ду.

Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа юхакхоллаеллачу шина пачхьалкхо, Оьрсийчоьно а, Украино а, ехха хан яьхьира бертан кехат кечдеш, юкъаметтигаш низамца чIагIъеш. ТIаьххьара а, 1997-чу шарахь, президенташа Кучма Леонида а, Ельцин Бориса а куьйгаш яздира итт шарна бартбеш (и хан чекхъяьлча, нагахь санна агIонаш духьал яцахь, барт шашах дIабахлуш бара).

Кхин а ши шо ийшира Украинан Лакхарчу Радина а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думина а шина президенто хIоттийна барт низаме баккха. "Вовшийн суверенит, лаьттанийн доза ларарца, къовсамаш машаре, герзаш юкъа ца ийзош, къасторца" яха чIагIойира шина пачхьалкхо.

2019-чу шеран Охан-беттан 1-чу дийнахь чекхйолу язбинчу бертан хан. Оцу бахьанийца хаттар хIоьттина Киевна хьалха: тIечIагIбо 20 шо хьалха бина барт, я иза дIа а тоттуш, Оьрсийчоьнах юьстахйолу Украина.

Дайначу кIиранах Украинан дипломатин урхаллан арахьарчу векалшца къамелдеш президенто Порошенко Петра дIахьедира иштта: "Вай тахана, юридикан маьIнехь яккха кхоччуш кечйина, Москох бахьанехь анахронизм а хилла бисина Оьрсийчоьнца доттагIалла, юкъарлонаш лелорах болу барт хадош яккха еза гIулч ".

Барт хадон мел оьшу кехат кечдина яьлла Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралла. Оцу хьукматан куьйгалхочо Климкин Павела бахарехь, бина сацам Москох дIахьажор бу кху болабеллачу беттан тIаьххьарчу дийнахь.

Украинан Маршонан Де билгалдаьккхира Петарбухарчу жигархоша деношкахь
Украинан Маршонан Де билгалдаьккхира Петарбухарчу жигархоша деношкахь

Барт хадор дика ду…

- Соьга хаьттича, барт кхин дIа ца бахбар тоьлу, минусел а дукха плюсаш хир ду бах ца бахь. Оцу гIулчо аттачу боккхур бу юристийн болх – царна бIегIийла хир ду, дуьненан низамашна тIе а тевжаш, юридикан къовсамаш Оьрсийчоьнца дIабахьа. Масала, динчу зуламашна дуьхьал Оьрсийчоьнера компенсацеш еха. ТIеман хьелашкахь ю ши пачхьалкх ишта а, вуьшта а – дипломатин, политикан тIамехь, - боху Украинан дипломатин урхаллехь юкъараллин кхеташонан декъашхо волчу Бузаров Андрейс.

"Порошенко харжамашка ваха кечлуш ву, цундела айдина хIара къамел а"

2014-чу шарера дуьйна схьа Украиной, Оьрсийчоьной хадийна вошашца бина хиллачу 451 бертах 44. Царех 25 – Iедалшна юкъахь, 18 – урхаллашна юкъахь, цхьаъ – пачхьалкханша юкъахь. Масала, 2015-чу шеран бIаьста хадийра тIеман гIуллакхашкахула бина 5 барт.Царех бара Украинан лаьтта тIехула Оьрсийчоьно Приднестровье хьийсочу эскаршна маршо яларх барт. Оццу шеран гурахь хадийра Хмельницкерчу зарратан электростанцехь ши энергоблок ярх болу барт.

Оьрсийчоьнан а, Украинан а дипломатин урхаллийн куйьгалхой Лавров Сергей а , Климкин Павел а Берлинехь, 2015
Оьрсийчоьнан а, Украинан а дипломатин урхаллийн куйьгалхой Лавров Сергей а , Климкин Павел а Берлинехь, 2015

ГIирма Оьрсийчоьно долаерзор а, Донбассехь лаьтта хьал а шина пачхьалкхан юкъаметтиг човхош делахь а, тахана Барт хадорах лаьцна къамел долор – иза , шегара дарж охьа ца диллархьама кестта харжамашка ваха дагахь волчу Порошенкос шена пиар еш айбина болам бу, аьлла хета цхьаболчу эксперташна.

- Кхузахь ши бахьана ду. 2014-чу шарахь дуьйна, кхеташ ду, цхьа а машар а бац. ТIеман агресси Оьрсийчоьно йолошшехь боьхна Барт. Я формалехь а, я низаман маьIнехь а бац иза болх беш. Цундела дац маьIна кхидIа Оьрсийчоьнца иза язбан а. Делахь а, Порошенкос цунах лаьцна къамел долор – иза цуьнан харжамашна лерина пиар ю, шина пачхьалкхан Барт хье ца бича а ло дуьненаюкъарчу низамаша Оьрсийчоьне жоп деха некъаш, - элира Украинерчу "Низаман ницкъ" боламан лидеро Сенченко Андрейс.

Ша бохург билгалдоккхуш, Сенченкос боху:

- БIеннаш бехктакхаман девнаш гIиттадало, масала, хIора Украинерчу долахочо, доьзало, ша схьаэцначу вахархочо динчу аьрзнашна тIехь Европан кхелехула. Мел хилла зен меттахIотто Оьрсийчоьнера доьхийла ду бIе миллиард евро. И терахь гойту динчу зераша.

Барт хадор вон ду…

"Украинан харжам – Халкъан Бакъо" боламан лидерна, Оьрсийчоьнан президентан захална Медведчук Викторна кхин хета. Шина пачхьалкхана юкъахь Бертан тоьшалла ца яздеш дитахь, алсам эшам Украинина хир бу, ишта а гIоьртина лаьтта Донбассера хьал телхар ду, боху цо.

Оццу маьIнехь ду "Оппозицин блок" боламо даржийна дIахьедар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG