Тюменан кIоштан кхело 1,5 шо арахь даккха хан тоьхна меттигерчу вахархочунна. Иза бехке вина 2 шо хьалха "ВКонтакте"социалан машанехь йиш хIоьтторна.
Эксперташа жамI дина, цигахь, нисса дIа бацахь а, Кавказерчу а, Юккъерчу Азера а къаьмнех болу нах байаре кхайкхам а бу, бусалба дин лелочу нахе цабезам кхоллар а ду аьлла.
Суьдан зорбанан сервисо бинчу хаамца, хан кхайкхийначу стага 2016-чу шарахь Дечкен-баттахь "ВКонтакте" арахецна аудио хилла "Gapon (Таможенный Контроль) – Я русский" цIе а йолуш. Цу стага ша бехке хилар даре дина. И бахьана долуш, цуьнан дов хаьттина ша тайпачу кепехь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!