ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь харцдина Полшера араваьккхина нохчо лачкъор


Полшин Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла Байдуев Азамат Нохчийчохь лачкъийна бохург харцдина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхалло. Цунах лаьцна хаам бина РБК хаамийн агенталло.

Нохчийчуьрчу МВД-н векалша дийцарехь, Байдаев лаьцна Iедалша, кхечу пачхьалкхехь тIеман тобанна юкъахь хиларна цунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх хилар бахьана долуш.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Полшано байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Оьрсийоьне дIавелла Байдуев Азамат Нохчийчохь лачкъийна вигина аьлла хаам бинера Фейсбукерчу шен агIон тIехь HumanRightsAnalysisCenter организацин куьйгалхочо Гисаев Ахьмада.

Шалаже Азаматан деваша вехачу хIусаме баьхкина хилла шоьтан буьйса юкъал тIехъяьллачу хенахь герзашца нах. ТIехь ницкъ а бина, стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, къайлаваьккхина цара Байдуев Азамат.

"Лаца баьхкинчу ницкъахоша цIена оьрсийн мотт бара буьйцург", -яздо Гисаевс. 2007-чу шарахь тховкIело еллера цунна Полшано, цул тIаьхьа Белги дехьаваьллера иза.

Стохка аьхка "теракташ кечдеш лелла хила тарло" аьлла, шеконашца дIалаьцнера иза, амма цунна тоьшаллаш доцушшехь, Белгино Полше дIавеллера иза, шенгенан пачхьалкхашка вахар а доьхкуш.

Варшавехь Iедалхошца къамел хиллачул тIаьхьа маьрша витинера иза, бехкаш а ца дохкуш. Делахь а 4 бутт хьалха цIеххьашха депортацин набахте хьажийра Байдуев Азамат.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Европе сехьавалале Оьрсийчохь лаьцначохь, Iазапаш лайна ву иза.

Ткъа хIинца гучудаьлла иза полицино лаьцна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG