ESET олучу антивирусан программаш кечйечу компанино хаам бина, Android-на шпионийн программа кечйина хиларх лаьцна, яздо "Грузия онлайн" сайто. И программа яьржаш ю, Viber мессенджеран сурт а эцна.
ESET-ан кхерамазаллехула волчу говзанчана Стефанко Лукасна карийна «харц Viber» Google Play туьканах тарйинчу сайта тIехь. Цу тIехь ю "Редакцин харжам" аьлла билгало. Массо а хIума тардина ду баккъалла а йолчу Google Play-х.
Амма, цо доьхург а дина, ерриг а информаци чуязйича цу программо лечкъайо WhatsApp-хула а, WeChat-хула а дIасакхоьхьуьйту медиафайлаш а, документаш а, сурташ а, кхин йолу информаци а.
И бахьана долуш ESET-то хьехар дина официалан сайташ тIера бен программаш лело оьшуш дац аьлла.