ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. Тайпа доцурш


Хатуев Iабдул - Хьамид

Тайпа доцурш


Iеса адмаш гур ду вайна
Сийлахь-деза къорIа, жайна
Гочдеш, шайна хетарг дуьйцуш,
Хьехамаш бан хьалха хуьйшуш.

Сонта адмаш гур ду вайна,
Иблис доттагI лоцуш шайна,
Шайн вежаршна бале буьйлуш,
Шайн де-ненан са-цIий муьйлуш.

Акха адмаш гур ду вайна,
Хьарам рицкъа гулдар тайна
Шайн тIаьхьенна харцо хьоьхуш,
Зулам лоьхуш, гамо лоьхуш.

БIаьрзе адмаш гур ду вайна
Беркат, ийман-ислам дайна,
Дела воцуш, устаз воцуш,
Дерза-дийша лахьта доцуш.

Къора адмаш гур ду вайна
Iазап, хало тIом ца лайна,
Къинхетамах хьаса боцуш,
Дозалла дан тайпа доцуш!

Дика адмаш гур ду хецна,
Вочийн къинойн мохь схьаэцна,
ЦIандеш дегнаш, цIанъеш керташ
Сийлахь ийман дендан гIерташ!

Хатуев Iабдул-Хьамид (1952-2011) — нохчийн байтанча, журналист, Нохчийн Республикан яздархойн бертан декъашхо вина 1952-чу шарахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цуьнан дахаран некъ хедира 2011-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG