ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. Хьо стенга гIур ву? 


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:59 0:00
Линкана тIе

Хатуев Iабдул - Хьамид. Хьо стенга гIур ву?


Жималла ягаеш,

Хьо Iеса лела,

Эхь хетац пайдечу

Нахана вела.

Дарж долчух кхоьру хьо,

Мискачух воьлуш.

Ахча дерг хетало

Массарел тоьлуш.

Нахана дехкина

Ду моьтту кешнаш,

Беллачех ца вешаш

Олу ахь дешнаш.

Дицделла кхузахь хьайн

ХIусам хир юйла,

Цкъа мацца кху керта

Хьо вохьур вуйла.

Цамгаро лаьцна хьо

Виллича метта,

Я хотIе вожийча,

Ца торчче кхетта,

Ахь Деле, кхералой,

Мохь-орца олу,

Хьайн миска са марзлой,

Дехаре волу.

Къинхетам болуш верг

Орцаха ваьлча,

Вайн Делан пурбанца

Хьо кIелхьар ваьлча,

Хьо Дала диначу

Дикнах ца кхета

Айхьа вайн Дела а

Iехийна хета.

Хьан хьаькам ву хьуна

Сийдолу Дела.

Цо хецна витна хьо,

Ма луъу лела.

Ма хаа Цунна хьо

Гена гIур воций

Шена тIе ваха бен

Хьан меттиг боций.

Хатуев Iабдул-Хьамид (1952-2011) — нохчийн байтанча, журналист, Нохчийн Республикан яздархойн бертан декъашхо вина 1952-чу шарахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цуьнан дахаран некъ хедира 2011-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG