ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. Къонах

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:46 0:00
Линкана тIе

Хатуев Iабдул - Хьамид. Къонах

Еза цIе тилларх,

Кхуьуш вац къонах,

Нагахь и ца ларлахь

Зуламах, вонах,

Нагахь и стаг вацахь,

Дика-вон къасто,

Шена мел зе хиларх

Нийсаниг хасто.

ТIаьхьар алар:

Мел хала латош ю

Кхерчара цIе,

Цулла а хала ду

И хецна яго.

ХIора а сихлолаш,

Вон хьулдай шен,

Вежаршна серло луш,

Деган чиркх баго.

Дика цIе тилларх,

Кхуьуш вац къонах,

Нагахь и догдика

Ца хьежахь гонах,

Оьшшучу меттехь,

ДоггIу дош олуш,

ГIо эшна, мохь баьлча,

Орцаха волуш.

Мел хала латош ю

Кхерчара цIе,

Цулла а хала ду

И хецна яго.

ХIора а сихлолаш,

Вон хьулдай шен,

Вежаршна серло луш,

Деган чиркх баго.

Хаза цIе тилларх,

Хуьлуш вац къонах,

Нагахь и ца ларлахь,

Зуламах, вонах.

Дорцашка огуьйтуш,

Шен деган гIайракх,

Цо лаккха ца ийбахь,

Стогаллин байракх!

Мел хала латош ю

Кхерчара цIе,

Цулла а хала ду

И хецна яго.

ХIора а сихлолаш,

Вон хьулдай шен,

Вежаршна серло луш,

Деган чиркх баго.

2002 шо

XS
SM
MD
LG