ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIабаханчу баттахь Нохчийчохь байинчу кегийрхойн доьзалш махкахбевлла


Архивера сурт.

Нохчийчуьра дIабахна Марсхьокху-баттахь полисхошна тIелатар дина аьлла, байинчу кегийрхойн гергарнаш. Цунах лаьцна дуьйцу Шеларчу бахархоша.

Виъ къиазхо, шайна юкъахь 11 шо долу кIант а волуш, вийра, кхин цхьаъ велира дарбанан хIусамехь Марсхьокху-беттахь 20-чохь Нохчийчохь Соьлж-ГIалахь а, Мескер-эвлахь а, Шелахь а хиллачу герзаш деттарехь. "Полисхоша лебира церан беза-бевзарш, ткъа Шелан кIоштахь лецнера иттаннаш кхиазхой", -хаам бо "Эхо Москвы" радион сайто.

"Кавказский узело", шен хьасташна тIе а тевжаш, бинчу хаамца, байинчу кегийрхойн доьзалш махкахбевлла. Цу тайпа тIедиллар динера царна ницкъаллин структураша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG