ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. ЙоьIан доIа


Хатуев Iабдул - Хьамид

ЙоьIан доIа

Везан дела!

Лохьа тхуна

Дикалла

Дена-нанна

Массо ханна

Могашалла

Кхин ас хьоьга

ХIумма доьхур

Дацара,

Кхин со лаьттахь

Цкъа а йоьлхур

Яцара.

Сан вежаршна

Лохьа наьртийн

Доьналла,

Сан йижаршна

Маьлха-Аьзнийн

Хазалла.

Кхин ас хьоьга

ХIумма доьхур

Дацара,

Кхин со лаьттахь

Цкъа а йоьлхур

Яцара.

Сан тайпанна лохьа

Машар марзбалар,

Сан халкъана

Кху дуьненахь

Тардалар.

XS
SM
MD
LG