ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хатуев Iабдул - Хьамид. Хьо муха ваьхьа? 


Хатуев Iабдул - Хьамид

Хьо муха ваьхьа?

Исламан цIена дин

Дицдина догIу,

Наггахь бен пайхамар

Дага ца вогIу.

Делаца йолу хьан

КIарглуш ю херо,

Къинойн мохь охьуш бу

Тем боцчу хьеро.

Вайнаха язйина

Устазийн керташ

Маьттазчу дешнашца

Емал ян гIерташ,

Хьо муха ваьхьа те

Iеса дош ала,

Хьо цIергахь морцур вуй

Хуъушехь Дала!

Вирдан дай аьшнаш беш,

Молланаш чехош,

Сийдолу бакъ цIераш

Маьттаза хьехош,

Хьо муха веха те

Лан ца лун бала

Хьайна тIе базбийр буй

Хуъушехь Дала!

Томкийца сий дойъуш

Къоьжачу можан,

Кийрара схьаетташ

Кхагаран хьожа,

Хьо муха ваьхьа те

Сел Iеса вала,

Хьо хотIе вожор вуй

Хуъушехь Дала!

Харцонна теш хIуьттуш,

Къера дуй бууш,

Мискачу бо-берийн

Рицкъанаш дууш,

Хьо чIогIа бIарзвелла

Ийманах вала,

Хьайга жоп доьхур дуй

Хуъушехь Дала!

Бахамо гIиллакхах

Ваьккхича хера,

Я хьарам, я хьанал

Ца лууш лера,

Хьо муха воллу те

Гечделахь ала,

Махьшаре адамаш

Лаьхкича Дала!

Къинойн мохь Iаьткъина

Базбелча корта,

Iесаллин ойланаш

Гулъелча шорта,

Сихлолахь къиношна

Хьо дохко вала,

Ахь шега гIо дехча,

Гечдийр ду Дала.

Хатуев Iабдул-Хьамид (1952-2011) — нохчийн байтанча, журналист, Нохчийн Республикан яздархойн бертан декъашхо вина 1952-чу шарахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Цуьнан дахаран некъ хедира 2011-чу шеран Дечкен-беттан 17-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG