ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Идлибе бомбанаш йиттина Оьрсийчоьно


Шема -- Идлиб провинце бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан кеманаша, Гезг.4, 2018
Шема -- Идлиб провинце бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан кеманаша, Гезг.4, 2018

Оьрсийчоьнан а, президентан Асадан тIеман ницкъийн а кеманаша бомбанаш йиттина Идлиб провинце а, ХIама провинцин къилбаседехьарчу кIошташка а.

Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло, туркойн Anadolu а, Hurriyet а зорбанан гIирсашна тIе а тевжаш. Болчу хаамца, бомбанаш етташ дакъалоцуш хила кхо кема.

ББС-но дийцарехь, лаххара а кхо стаг вийна и тохарш дар бахьана долуш. Reuters бинчу хааца вийна 13 маьрша вахархо.

Бомбанаш йиттина аьлла хаам кхаьчна, Iамеркан президенто Трамп Доналда Шема а, Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а варе йинчул тIаьхьа, Асад Башар Идлибана тIелатахь иза "доккха гуманитаран гIалат" хир ду аьлла.

Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс дIатеттина шаьш варе дар, Трампа дуьйцург дерриг тидаме оьцуш дуьйцуш дац аьлла. Песковс аьлла, Идлиб "терроризман кхерч бу", ткъа Шеман арми дагахь ю и проблема дIаяккха аьлла.

Цхьаболчу хаамашца, Идлибехь йолчу гIаттамхойн тобанашна юкъахь бу нохчийн къомах болу тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG