ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамашкахь адамаш дайар лахделла Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчохь лахделла некъахьовзамашкахь леш долчу адамийн терахь. Иштта республикерчу прокуратуро чIагIдарехь, кхушеран хьалхарчу 8 баттахь машенашца боьзначу бохамашкахь вийна 21 вахархо. Цу хьокъехь 17 бехктакхаман гIуллакх луьстуш жоьпе озийна ву 18 стаг.

Некъаца хиллачу хьовзамашкахь лазийна ву 12 стаг.

Стохка оццу хена чохь цхьацца некъахьовзамашкахь республикехь вийнарг вара 35 стаг. Лазийнера - 19.

Прокуратуро билгалдоккху адамаш кхалхарна бехке болу 94% нах, хенаш а тухуш, набахташка хьежийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG