ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеларчу полицехь 9 шо долу бер латтийна кIиранах


Шела.
Шела.

Динна кIиранах Шеларчу полицин декъехь латтийна хилла 9 шо долу Ахмадов, яздо "Кавказ.Реалиино". Иза жимаха волу ваша ву Марсхьокху-беттан 20-чохь Шелахь вийначу шина кхиазхочуьнан.

"Кавказ.Реалиин" хьастано чIагIдарехь, кIант лаьцна хилла полисхоша Марсхьокху-бетанна 20-чу сарахь. Цуьнца цхьана чувоьллина хилла цуьнан да а, кхин болу а юххера гергара нах.

Марсхьокху-беттан 20-чохь Нохчийчохь полицин белхахошна тIелатарш динера кхиазхоша. Цаьрна юкъаозийна вара 5 стаг. Официалан болчу хаамца, царах уггаре а воккхаха волучуьнан дара 18 шо. Уггар жиманиг вара 11 шо долуш. Уьш берш кхелхира хиллачу чевнех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG