Британин прокуратуро цIераш йовзийтина Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. И шиъ ву Петров Александр а, Боширов Руслан а (уьш харц цIераш хила а мега).
Цу шина стаге бехк кховдийна адамаш дайа гIортарна. Петров а, Боширов а схьавоьхур вац Британин прокуратуро, Оьрсийчоьно шен махкахой дIалуш Iедал ца хиларна.
Талламхошна "Новичок" дIаьвшан ларш карийна Петров а, Боширов а ваьхначу хьешан цIийнерчу чоьнашкахь.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?