ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегий бераш хьийзорна кхел йир ю дестечунна


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Соьлж-ГIалин Заводан кIоштан прокуратуро теллина чекхдаьккхина хилар тIечIагIдина С. Элина цIе йолчу зудчунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Цунна бехке дуьллуш ду шен меран 6 шо долу кIант а, 8 шо долу йоI а хьийзор.

Талламхошна гучудаьлла дестечо, майра цIера а волуьйтий, цу шина берана етташ хилла хилар. Садукъош а хилла цо шина беран, хих дуьзначу ведарна чу цу шинан кортош а теIош.

Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна Заводан кIоштан кхеле. И зулам дарна дестечунна 7 шо хан тоха мегаш ю, набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG