ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстрадицин конвейер


Кху аьхка Словакино дIавелира Яндиев Аслан
Кху аьхка Словакино дIавелира Яндиев Аслан

ХIун хир ду Европано Оьрсийчоьне дIабеллачух?

Даймахкахь Iазап латтийна шайна тIехь, хIаллакдийр ду шаьш бохушшехь, Малхбузерчу пачхьалкхаша тIаьхьий - хьалхий Оьрсийчоьне дIалуш бу кавказхой. Оьрсийчоьнан Iедалша бакъонца кхелаш йийр ю царна тIехь аьлла, дегайовхо юй теллира "Кавказ.Реалии" портало.

Европа: теракташ динчул тIаьхьа

Къилбаседа Кавказера масех вахархо схьакхачийна Москох кху цхьана кIиранчохь. Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь аэропортехь охьадоьссира ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо валош догIу кема. Шемахь тIемашкахь хилла бохуш, бехкево иза.

Шега цо тховкIело йоьхушшехь, Германино депортаци йинера цунна Оьрсийчу.

Оццу дийнахь Полшано шайн пачхьалкхера араваьккхира, 2007-чу шарахь шаьш тIеэцна нохчо Байдуев Азамат.

Полшера Белги дехьаваьллера Байдуев, амма 2017-чу шарахь теракташ кечдеш лелла аьлла, бехк а хьарчийна, меттигерчу Iедалхоша Полше юхахьажийра иза. Циггара дIа Оьрсийчу экстрадици а йира цунна.

Дахначу кIирандийнахь бакъонашларъярхочо, Human Rights Analysis Center цIе йолчу организацин куьйгалхочо Гисаев Ахьмада хааме даьккхира иза Нохчийчохь лачкъийна дIавигина аьлла.

Цо чIагIдарехь, Байдуев Азаматан девешин керта а лилхина, бIе гергга герзашца болчу наха, бахьанаш а ца дуьйцуш, стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, къайлаваьккхинера Азамат.

ТIаьхьо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIечIагIдира, шаьш иза вигина хиларх.

Ишта кавказхой тIеэца дуьхьало латтайо Украинехь а.

Байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь БуьритIерчу вахархочунна Мейриев Русланна бакъо ца елира Украинано шайн пачхьалкхехь ваха.

Террорхойн тобанашкахь дакъалаьцна ву бохуш, Оьрсийчоьно бехкевеш ву иза.

Тоннашкахь бохург санна хаамаш Iорабоху информацин агенталлаша, Малхбузено тховкIело ца луш, шайн мехкашкара арабохучу нахах.

Малхбузено "экстрадицин конвейер" латоран масех бахьана ду.

ТIаьххьарчу масех шерашкахь кеп-кепарчу мехкашкахь дечу теракташа хоршехь латтош ю Европа. Париж, Брюссел, Стокголм – тептар мел а дIадахдан йиш ю.

И зуламаш дан нах кечбечаьрца буьйцу Къилбаседа Кавказера схьабевлла бахархой.

Масала, Стигалкъекъа-баттахь Францин коьртачу шахьарахь уьрсаца тIелатар дина аьлла, дIакхайкхийра 21 шо долу нохчо Азимов Хьамзат. ЦIера Устрада-гIалара хиллера иза.

Цуьнан 4 шо долчу заманчохь Нохчийчуьра арадаьллера цуьнан да а, нана а. Политикан тховкIело а еллера царна 2004-чу шарахь, ткъа 2010-чохь Францин бахархой беш, кехаташ деллера цу доьзална.

"Оьрсийчохь ницкъбой-те лаьцначарна? ХIаъ, бо"

Хаттар дуьссу, муха кхоллам хир бу даймахка дIахьовсийначийн?

Демократин пачхьалкхехь ницкъахоша а, кхело а толлу, хьан хIун дина (гIалаташ а дийла тарло, амма цхьа наггахь).

Ткъа олийла дуй, Оьрсийчуьра кхелаш Iедалца йоьзна а яц, цигахь полисхоша къизаллаш ца лелайо аьлла? Тамаш бу-кх.

Оьрсийчохь Iазапаш леладой аьлла, шега хаьттича, дера леладо аьлла, къамел долийра бакъонашларъяран "Мемориал" центран куьйгалхочо Черкасов Александра.

"Схьалистал тIаьххьарчу хенан документаш. Масала, "Сети" олучу юкъараллан гIуллакх схьаоьцур вай. Цуьнан декъашхошна тIехь Iазап латтийна Петарбухахь а, Пензехь а. Я "Ярославан истори" хьахор вай", - дагадаийтира Черкасовс.

Бакъонашларъярхочо "Кавказ.Реалии" портале дийцарехь, тIехь ницкъбар даим хилла а ду, долуш а ду.

"Талламаш дIахьочу хенахь а бо ницкъ, къизачу хьелашкарчу набахтешкахь латтабо, - дагардо эксперто. – Iазап латточу, тIехь ницкъ бечу, нах бойучу меттигашка стаг дIавала мегар дац. Делахь а, шайна ца оьшу нах ишта новкъара боху къайлахчу сервисаша", -дуьйцу цо.

"Стаг вуьйш кхел кхайкхор Оьрсийчохь дIадаьккхина, делахь а, "дуккха а меттигаш бу вайн пачхьалкхехь, Малхбузено Оьрсийчоьне схьавелла Къилбаседа Кавказера вахархо дIа а лоций, тIаьхьо цуьнан дакъа гергарчаьрга дIалуш.

Стаг вен кхайкхор юкъарадаьккхинехь а, иза веран кхерам лаьтташ бу", - аьлла, тешна ву "Мемориалан" куьйгалхо.

Черкасовс оцу юкъанна билгалдоккху, "мухIажирш а кеп-кепара хуьлуш хилар".

"Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан могIаршкахь лаьттина нах а бу. ТIаьхьо Оьрсийчу юха ца боьлху уьш, шайна хенаш кхайкхор юйла а хууш, уьш Европехь совцу. ХIун дан деза? ДаIишхой – дашо, дети структура ма яц", - дуьйцу Черкасов Александра.

Кхузахь коьрта цхьа хIума ду: хIун тоьшаллин документаш ло Оьрсийчоьно, шаьш тIе мухIар таIийна стаг схьавалийта.

Масала, Великобританино I5 шо хьалха дуьхьало йира Оьрсийчоьнна, цо Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад дIавехча.

"Со теш вара, цундела оьрсийн прокуратурано даийтина кехаташ ас лерина зийра. Закаевна дуьхьал даьхначу бехкийн итте а пункт бух боцуш яра", - дагалоьцу бакъонашларъярхочо.

Тахана Европа дуьхьал ю мухIажиршна тIехIотта.

ХIун дан деза аьлла, хаьттича, юкъахь зIе латто еза – бакъонашларъярхоша а, къайлахчу сервисаша а, шайга кхаьчначу информацех дакъа а деш" элира бакъонашларъярхочо.

"Ишта ца хилахь, "харц дараш" хуьлуш лаьттар ду: цхьаберш къизаллина кIел боьлхуш, уьш бала а тарло, ткъа вуьйш, набахте кхачо хьакъ белахь а, кIелхьарбуьйлуш, оцу хьоло мухIажираллин институтна а йо дискредитаци", - аьлла хета Черкасов Александрна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG