Британин Iедалш тешна ду ГРУ-н агент хилла Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвше телетар динарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агенташ хиларх. Иза цара дина Оьрсийчоьнан куьйгалхоша омар а делла.
Цунах лаьцна кхаарин дийнахь парламентехь дIахьедар дина Британин премьер-министро Мэй Терезас, прокуратуро динчу дIахьедарна комментари еш.
Хьалхо кхаарин дийнахь Британин прокуратуро цIераш йовзийтира Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвше тIелатар динчу шина стеган. И шиъ ву Петров Александр а, Боширов Руслан а (уьш харц цIераш хила а мега).
Цу шина стаге бехк кховдийна адамаш дайа гIортарна. Петров а, Боширов а схьавоьхур вац Британин прокуратуро, Оьрсийчоьно шен махкахой дIалуш Iедал ца хиларна.
Талламхошна "Новичок" дIаьвшан ларш карийна Петров а, Боширов а ваьхначу хьешан цIийнерчу чоьнашкахь.