ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йоI ерна чувоьллина ГIалгIайчуьра вахархо


Магасан кIоштан кхело набахтехь даккха 8 шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна. Иза бехке вина шен йоI ерна.

Бохам хилла кхушеран Чиллан-баттахь. 54 шо долчу стага машена чохь шен куьйгашца садукъийна шен 32 шаре яьллачу йоIан. Цуьнан дакъа цо охьакхоьссина Яндаре эвлана гергахь некъа йистехь.

Кхело бехкевийриг къера хилла ша динчунна.

ГIалгIайчуьрчу полицин хьастанаша дийцарехь, цу стаг шен "йоI йийна доьзалан сий лардеш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG