ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Идлибна бомбанаш етташ ю Оьрсийчоь


Идлиберчу хьолах

Шемарчу Хама провинцин Къилбаседанерчу кIошташкарчу объекташна а, Идлиб гIалахь а бомбанаш етта йолийна оьрсийн а, Шеман а кеманаша шинаридийнахь. Reuters агенталло а, туркойн Hurriyet, Anadolu хьосташа а, ишта Ковентрехь (Великобритани) куп тоьхначу адамийн бакъонаш ларъярна тIехь мониторинг латточу Шеман центро а Iораяьккхина и информаци.

Шемахь дуьхьало латточу оппозицин зерашца, оьрсийн кхаа кемано масех иттанашкахь тохарш дина. Бакъонашларъярхошна тIе а тевжаш, Reuters агенталло хаамбо, авитохаршкахь мел лахара 13 маьрша вахархо верах.

Шемахь бомбанаш еттарх информаци гучуелира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда Шемане а, Оьрсийчоьне а, ГIажарийчоьне а "гуманитаран гIалатах" ларло, нагахь Шеман президенто Асад Башара Идлибна тIелатар дахь аьлла, дIахьедина масех сахьт даьллачул тIаьхьа.

Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а Идлибарчу хьолах а, мухIажирийн проблемех а дийцарш дIадахьа официалехь дIакхайкхадале дIадолийра кеманашца тохарш.

ТIеман операци Идлибехь йолорца ша саготта хиларх дIахаийтина ишта туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа.

"Оцу регионера ситуаци Iаламат чIогIа ладаме ю тхуна. Цигахь лелориг къизалла ю. Нагахь оцу кIоштахь бомбанаш еттахь, дукха нах хIаллакбийр бу", - аьллачу президентан дешнаш даладо туркойн Hurriyet газетано.

"Коьртехь "Джебхат ан-Нусра" тоба а йолуш, Идлибехь масех иттанашкахь эзарнаш экстремисташ гулбелла хиларца" долийна тохарш аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей

Ишта цо бахарехь, Оьрсийчоьно гIо дина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн карара Шеман коьрта дакъа маьршадоккхуш, доккхачу декъанна, Алеппо а, Палмира а.

Министрна хетарехь, сих-сиха шен цIе а хуьйцуш лела "Джебхат ан-Нусра" - уггар а боккха кхерам бу тахана Шемахь. Лавров тешна ву, оцу тобан ницкъаш Идлибехь дIатарбелла бу аьлла.

"ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан сацамашкахь язбина болу террорхой бу уьш", - дIахьедина арахьарчу гIуллакхийн урхалхочо.

Оьрсийчоь, ГIажарийчоь а санна, "Шеман Iедалхоша кхайкхина яхана болх беш ю", ткъа кхиберш, Iамерка а цхьана, "низамашкахь лелаш бац" аьлла, билгалдаьккхина Лавровс.

Шемахь бомбанаш етта йолийначул тIаьхьа Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Майка дIахьедира: "Тхо тешна ду, и проблема дипломатица дIаерзор ю аьлла".

Ишта хаамбо Помпеос, Идлибна тохарш долорах ша дийцарш дIадахьарх Оьрсийоьнан а, Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министршца: Лавров Сергейца а, Чавушоглу Мевлютца а.

Хьалхо Евробертан а, Iамеркан а векалша масийттазза дIакхайкхийра, Идлиб схьаяккха Iалашонца Шеман президенто Асад Башара йолийначу тIеман операцина шаьш саготта хиларх.

Царна хетарехь, маьршачу бахархошлахь даккхий зенаш дан тарлора оцу операцино.

Нагахь Идлибехь химин герз леладахь, Iамерко Шеман Iедалхошна "луьра жоп" лург хиларх дIахаийтина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министралло а, президентан къоман кхерамзалллехула волчу хьехамчас Болтон Джона а.

Кхо миллион гергга стаг веха карарчу хенахь Идлибехь. Миллион гергга ду царлахь бераш.

Идлиб йоккхуш, хиндолчу тIеман тасадаларшкахь 800 эзар гергга вахархо шайн хIусамех а ваьлла, мухIажир валарна кхерамаш лаьтта Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG