ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьлийн пелхьочо шен хьуьнар гайтина «Грозный-Ситехь»


Соьлж-ГIала.
Соьлж-ГIала.

Дагестанера пелхьо Абакаров Расул, ларвеш дегIах йихкина цхьа а тIийриг а йоцуш, муш тIехула цхьана бIов тIера кхечу бIов тIе ваьлла Соьлж-ГIаларчу «Грозный-Ситехь». Муш тесна хилла 30-чу тIегIантIехь. Цунах лаьцна яздо dailystorm.ru сайто.

"Грозный-Ситехь" лекхачу шина гIишлонна юкъахула волавалар шен дагахь лаьттарг ду аьллера Абакаровс кхушарахь Стигалкъекъа-баттахь Петарбухехь шен хьунар гойтуш ша волуш.

Дай а пелхьой хиллачу цо дийцарехь, и трюк кечйина хилла цо Соьлж-ГIалин денна лерина. Цунна кечам бина Абакаровс 3 дийнахь. Пелхьочо шен хуьнар гойтуш цуьнан кхерамазаллах жоп хилла да Абакаров Руслан. "Грозный-Ситехь" болх беш хилла алпинистийн тоба а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG